ГлавнаяНовости«Нохчийн мотт - деган хьост».

«Нохчийн мотт - деган хьост».

148 просмотров

Вайна ма-хаара 2023 шо нохчийн Республикин куьйгалхочо Кадыров Размзанас «Нохчийн меттан шо» д1акхайкхина. 
07.02.2023ш. Нохчийн меттан шарна лерина Гуьмсан Муниципальни к1оштан т1етоьхначу дешаран муниципальни бюджетни хьукмат «Эколого-биологически станци» д1айаьхьна мероприяти «Нохчийн мотт - деган хьост».
Мероприяти кхайкхнера, нохчийн мотт хууш и бийцар коьрта 1алашо хилар т1екхуьучарна д1акхачо хьакъ болу хьеший: Саиев Умар – писатель, член союза Российской Федерации;
Алхазов Сайд-Хусейн – начальник отдела призыва военного комиссариата Гудермесского и Ножай-Юртовского районов;
Хизриев Ваха – ведущий специалист общего отдела МУ «Управление образования Гудермесского муниципального района».
Х1ора а вистхуьлуш волчо нохчийн метта дозаллех кхоччуш къамел дира кегийрхошка. Дешархоша шайна хатта лууш долу хаттар дира хьешашка, цара кхоччуш жоп делира. Уггара коьртниг шен доьзалехь дас а, нанас а шаьш буьйцуш и доьзале бицийтар сацам бира хьешаша.
Беха исторически некъ бина вайн къомо цу дийне кхача. Халонаш, т1емаш, харцонаш эшийна халкъо шен дахар нийсачу, сирлачу новкъа даккха. Цу халонийн цхьа толам бу тахана дуьззина вайн къоман маттах дош ала вайн йиш хилар.
Хьеший бистхиллачул т1аьхьа бераша д1адаьхьира «Лозвар-къовсам». Цигахь дакъалоцуш йара пхи тоба. Т1едилларш довзийтале хьалха дакъалацархоша йовзийтар шайн тобанийн ц1ераш, кхид1а х1ора тобано шен – шена тхьамда кхайкхира. Къовсам дукха хаза чекхбелира. Хьалхара меттиг йаькхинарг Гуьмсе-г1алин йуккъера №4 йолчу ишколан тоба «Седарчий» йара, царна совг1атан кубок а, грамота а елира. Жигара дакъа лаьцна йолу йисина 4 тоба грамоташца декъалйира.